ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Косовон байракх дIаяьккхина Соьлжа-ГIаларчу стадионера


Соьлжа-ГIалара "Ахмат Арена" стадион

Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан куьйгалло сацамбина, "Ахмат Арена" стадионера Косовон байракх дIаяккха. "Чемпионат" гIирсо яздо, стадионан пресс-атташен Умаров Рамзанан дешнашна тIе а тевжаш, "Ахмат" клубехьа ловзучу массо а векалийн пачхьалкхийн байракхаш стадионера дIаяьхна аьлла.

Лоруш йоцчу Косово Республикан байракх Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан "Ахмат Арена" стадионехь кхозуш хилар къастаде аьлла, тIедожийнера Сербино Оьрсийчоьнна. Ситуацина тIе тидам бахийтинера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло а.

Инцидентех вистхуьлуш, "Ахмат Аренан" пресс-атташес Умаров Рамзана дIахьедира, гIуллакх оьшуш дац дарсто, байракх цигахь кхозу масех шо а ду аьлла.

2008-чу шарахь Косовос ша йозуш ца хилар дIакхайкхийра, ткъа Серби и къобалдан дуьхьала ю.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG