ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов Борисан цIарах совгIат дала хьалхатеттина Титиев Аюб


Кху шеран Немцов Борисан Фондо 4-гIа луш ду Немцовн цIарах совгIат. Оьрсийчохь демократин мехаллаш Iалашъярехь къонахалла гайтинчарна аьлла, оппозиционеран Немцов Борисан сий дарца юкъадаьккхина ду и преми. Дахначу шерашкахь цуьнан дакъа кхечира Шлосберг Левна а, Дадин Ильдарна а, Митюшкина Надеждина а.

СовгIатан коьрта Iалашо ю - маршо къуьйсуш нах Оьрсийчохь кIезиг цахилар юкъараллана дIакхайкхор. Номинанташ хьалхататтарехь дакъалаьцна Науманн Фридрихан Фондо а, "Голос", "Солидарность" боламаша а, "Свободная Россия" Фондо а, "Последний адрес" проекто а, KULTURUS олучу Прагин фестивало а, коррупцица къийсам латточу Фондо а, Прагерчу Карловн университетерчу Немцовн цIарахчу Академин центро а, Копелев Льван Форумо а, "Новая газетано" а, ишта кхи дIа а.

Кху шарахь кандидаташлахь ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб а.

Кхаж тосийла ю "Новая газетан" агIон тIехь.

Верриг а финале ваьлла 35 стаг. Царех бахархоша пхиъ къасто веза. Бутт баьллачул тIаьхьа Фондан кхеташоно царлахь цхьа толамхо къастор ву. Цкъа бен таса йиш яц кхаж. Карара бутт чекхбаллалц дIахьош бу харжамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG