ФСБ-н директор лаьттина, Пачхьалкхан думан депутат Ковалев Николай кхелхина аьлла, хаамбина "Единая Россия" фракцин куьйгалхочо Неверов Сергейс. 69 шо дара Ковален.
"Бакъволу къийсамхо вара иза, массо а хIуман бала кхочуш стаг а вара. Дуккха а дика дагалецамаш битина цо", - яздина Неверовс цунах лаьцна Фейсбукерчу шен пена тIехь.
1994-1996-чу а шерашкахь ФСБ-н директоран гIовс лаьттира иза, 1996-чу шеран аьхка дуьйна 1998-чу шаре кхаччалц къайлахчу сервисийн директор вара. 1999-чу шарахь хаьржира иза Пачхьалкхан думан депутат.