ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Косовон байракх стадионехь латтор политикаца доьзна дацара


Кадыров Рамзан "Ахмат Арена" стадионехь
Кадыров Рамзан "Ахмат Арена" стадионехь

Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат Арена" стадионехь дIаоьллина Косово пачхьалкхан байракх хиларх комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Командан тобанхошлахь цигахь вина футболист ву, цундела латтош яра шаьш аьлла цо байракх. Косовон символика стадионехь латтор оцу бахьанашца ду, политикаца доьзна дац аьлла, тIечIагIдина Кадыровс. Оьрсийчоьнан йоллу позици ю Нохчийчоьнан а Косовох аьлла, тIетоьхна республикан куьйгалхочо.

Лоруш йоцчу Косово Республикан байракх Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан "Ахмат Арена" стадионехь кхозуш хилар къастаде аьлла, тIедожийнера Сербино Оьрсийчоьнна.

Ситуацина тIе тидам бахийтинера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло а. Мехкан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iаьлвис, гIуллакх толлур ду шаьш аьллера.

Инцидентех вистхуьлуш, "Ахмат Аренан" пресс-атташес Умаров Рамзана дIахьедира, гIуллакх оьшуш дац дарсто, байракх цигахь кхозу масех шо а ду аьлла.

ПIераскандийнахь Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" футболан клубан куьйгалло сацамбира, "Ахмат Арена" стадионера Косовон байракх дIаяккха. "Чемпионат" гIирсо яздарца, "Ахмат" клубехьа ловзучу массо а векалийн пачхьалкхийн байракхаш стадионера дIаяьхна.

2008-чу шарахь Косовос ша йозуш ца хилар дIакхайкхийра, ткъа Серби и къобалдан дуьхьала ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG