ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра вахархо саготта ву шен кIантана дуьхьал гIуллакх долорна


Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре Чайка Юрийга а, омбудсмене Москалькова Татьяне а, президентехула йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонан куьйгалхочуьнга Федотов Михаиле а кехат дахьийтина ГIалгIайчуьрчу вахархочо Добриев Руслана, шен 30 шо долу кIант Добриев Абу дIалацар хоуьйтуш. Iуьйранна 6 сахьт даьллачу хенахь шен воI доьзалца вехачу хIусам чу а лилхина, гIоьмаш тоьхна, иза дIавигина боху дас. ЦIийнах хьоьвсинчул тIаьхьа цу чуьра документаш а, оргтехника а дIаяьхьна ницкъахоша, Добриевс чIагIдарехь. ЦIерпоштнекъан станцехь болх беш ву Добриев Абу.

"Балхара цIа веана, садаьIначул тIаьхьа араваьллера сан кIант. Иза вехачу хIусамна гергахь хIоттийнера митинг. Абу шен гIуллакхе дIаваханера. Байначу беттан 26-чохь суьйранна шен чу а веана, саххиллалц цIахь вара иза", - яздина дас. Шен кIентан Конституцин а, процессуалан а бакъонаш Iалашъярехь а, цунна дуьхьал харц бехкзуламан гIуллакх ца даккхийтарехь а шена тIехIоттар доьху Добриев Руслана.

"Нальчикехь иза латтош хиларна тIекхиина тхо хIинца. Де-буьйса делира тхуна иза стенгахь ву ца хууш. ТIаьхьо лаьцначу адвокатехула къаьстира, иза волу меттиг. Цкъачунна бехкаш дехкина дац цунна. Сан кIанта кийтарло йина. Митингехь иза хилла вац. Дог тешна ву со, иза маьршавоккхур ву аьлла", - дийцина "Кавказ.Реалии" портале кIентан дас.

Дахначу кхааридийнахь гIалгIайн протестийн лидерш Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Чемурзиев Барах а дIа а лецна, вертолет тIехь Нальчике кхачийра. Чохь даккха итт дей, буьйсий хенаш кхайкхийра царна.

Цул тIаьхьа кхи а ГIалгIайчуьра 9 вахархо лаьцна вигира Нальчике. Болчу хаамашца, Iедалан векална дуьхьалбовларна бехкаш дуьхьал даха тарло царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG