ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьиджаб лелочу зудаберех информаци гулъяр тIедожийна гIезалойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло


ГIезалойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу декъо документ Iорадаьккхина, "тIех сов динна чубоьллачу, хьиджабаш лелочу доьзалех материалаш кхачае" шайга аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн декъан куьйгалхочо Сабирзянова Венерас яздо, балхаца доьзна и информаци оьшуш хиларх. Ишта цо доьху, шайга кхачочу материлашкахь билгалдаккхар "маца дуьйна динехь лела буьйлабелла уьш, мича хенара схьа дуьйна лелош ю хьиджаб а" аьлла.

Мордоверчу гIажарой бехачу эвлахь зудаберашка школашкахь хьиджаб ца лелайойтуш дуьхьалбевлча, церан бакъонаш Iалашъеш, администрацица къийсам латтийначу юристо Нагиев Руслана шен Фейсбукерчу пена тIехь зорбане яьккхина документан копи.

Цу кепара информаци гулъяр Оьрсийчоьнан Конституцица бIостане ду аьлла, хета цунна.

Нагиевс чIагIдарехь, "динца дискриминаци" лелор ду иза. "Дешархошна "мотт бетташ", йовлакх леладора бохуш, цадашар гойтуш, цаьрца психологин болх бан декхаребеш бу хьехархой. Къайлахчу сервисийн белхахо вац хьехархо, церан функцеш кхочушъян ца еза цара", - яздина юристо социалан машанехь. Шайн бакъонаш хьоьшуш ю аьлла хетачуьнга, прокуратуре латкъамбаре кхойкху Нагиевс.

ПIераскан суьйранна ГIезалойчоьнан президентан пресс-гIуллакххойн куьйгалхочо Галимова Лилияс ТАСС агенталле дIахьедира, хьиджабаш лелочех информаци гулъяр чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочун шен инициатива яра аьлла.

"ГIезалойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цу документан хьокъехь болийна талламаш бу. Лакхарчу хьаькамаша и кехат даржаде аьлла, тIедиллина ца хилла цунна. Бинчу талламан жамIаш Iорадохур долуш ду", - аьлла Галимовас.

ХIара дуьххьара дац, Iедалхоша бусулбачийн доьзалашкахь кхуьучу берех информаци гулъяр тIедожош. Ишта практика хилла ГIезалойчоьнан Сабинскан а, Высокогорскан а кIошташкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG