ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн 8 жигархо Нальчикерчу изоляторчохь вуьтуш ву


Нальчик гIалин кхелан сацамца таламан изолятор чохь (СИЗО) вуьтуш ву ГIалгIайчуьра 8 жигархо, хаамбо "Медиазона" хьостано, адвоката Абубакаров Мохьмада динчу дIахьедар тIехь. Зуламан Кодексан 318-чу артиклца протесташкахь "Iедалхошна дуьхьалоярна" бехкебина уьш.

Лецна буьтурш бу: кегийрхойн организацин куьйгалхо Хаутиев Багаудин а, протестхой Добриев Абу а, Хамхоев Гелани а, Хамхоев Мохьмад а, Мужахоев ИбрехIим а, Ажигов Адам а, Барахоев Ваха а, Осканов Iамир а.

9-гIа Дзауров Хаваж кхи а 72 сахьтана чохь вуьтуш, дIаяхйина хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG