ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIазойчоьнан муфтиято шайн бахархошна дихкина пластикан операцеш яр


ГIиргIазойчоьнан муфтиято кхо фетва тIеэцна шоьтадийнахь веб-машин маркетингех а, платикан операцех а, вакцинацех а.

Динан урхаллан сайтехь Iорадаккхарца, лоьмар 5 йолчу фетвано доьхку ГIиргIазойчоьнан бахархошна веб-машин маркетинг лелор: шарIан барамашца йогIуш яц и бизнес.

Лоьмар 6 йолчу фетвано магор дац бусулбачунна могушаллица йоьзна йоцу пластикан операци яйта. "ШарIо могуьйту дуьненчу волуш дегIаца хилла сакхт дIанисдархьама операцеш яйтар. Нагахь бух болу бахьана доцуш, хазаллина аьлла, пластикан операцеш яр - къа латор ду", - аьлла ду муфтиято бинчу сацам тIехь.

Ткъа 8-чу фетвехь хьахийна вакцинаци яр. ХIора стеган лааме хьаьжжина дитина и хаттар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG