ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Можа жилеташ": юха а акцеш, юха а лецарш хилла


ХIора кIиранах Францехь хIоттош йолу 21 акци дIаяьхьна "Желтые жилеты" олучу боламо. Делкъанна Парижехь акцехь вовшахкхеттера масех бIе стаг. ГIали юккъехь а, цуьнан коьртачу майданашкахь а дихкина ду демонстрацеш хIиттор. Байначу беттан 16-чохь Елисейн майданахь къепе йохийначул тIаьхьа дуьйна дихкина ду цигахь гулбалар. Иштта бехкам хьакхало Францин кхи а масех гIаланах а, цигахь а "можачу жилеташа" шайн жигаралла гайтинера.

Шоьтан суьйранна хаам хилира, Парижехь 43 стаг дIа а лаьцна, Руанехь полисхошца тасадаларш а хилла аьлла. Reuters агенталло билгалдаккхарца, доккхачу декъанна манифестацеш паргIат, бертахь дIаяьхьна.

Дахнау кIиранах Францин Конституцин кхеташоно къаьсттина демонстранташа емалъен керлачу низаман артикл юкъара яьккхира. Юкъараллехь къепе йохош, муьлххачу а мехкан вахархочунна демонстрацехь дакъалаца доьхкуш артикл яра иза.

"Желтые жилеты" боламо дуьххьара шайн акцеш йолийра стохка гурахь. ХIетахь араваьллера 282 эзар францхо.

Дахначу кIиранчохь, полицин зерашца, верриг а 34 эзар вахархо вара митинге ваьлларг. Ткъа протестхоша чIагIдо, полицино бохучул а кхозза сов дара гулбеллачийн терахь бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG