ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчуьра Ататюркан аэропорт болх бечуьра сецна


Туркойчохь еххачу заманчохь уггар а йоккхачух леринчу Станбулерчу Ататюрк аэропорто шен болх сацийна шоьтадийнахь дуьйна. Керлачу дуьненаюкъарчу Стамбулерчу аэропорте къоман Turkish Airlines компани дехьаяларца доьзна ду и.

Iаьржачу хIордана гена йоццучу, Стамбул гIалина къилба-малхбузехь лаьттачу керлачу аэропорте пIераскандийнахь дуьйна дIакхелхаш бара. Turkish Airlines компанин 300 кема а дIакхачийна цига. Шоьтан делккъалц къевлина яра ший а аэропорт, делкъал тIаьхьа керлачу аэропорто болийна шен болх. Хьалхара рейс йина Туркойчоьнан шахьаре Хонкара. ТIаьххьара кема гIаьттина Сингапуре даха.

Стамбулера керла дуьненаюкъара аэропорт схьайиллинера стохка гурахь- туркойн республика йиллинчу Ататюрк Мустафа Кемалян 95 шо кхочучу денна лерина. Керлачу аэропорто лелор яц Ататюркан цIе, Дуьненаюкъара Стамбулера аэропорт аьлла ю цуьнан цIе.

Туркойн Iедалшна хетарехь, керла аэропорт дуьненахь а уггар йоккхачух хила тарло. 150 миллион пассажиран хьашташ кхочушдан таро лур ю цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG