ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зеленскийна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар тIедожийна Радан вице-спикеро


Зеленский Владимир
Зеленский Владимир

Украинан президентан харжамашкахь кандидат волчу Зеленский Владимирна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдар дехна Лакхарчу Радан вице-спикеро Геращенко Иринас. Фейсбукехь бинчу шен хаамехь Геращенкос яздо, пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле кехат дIакхачор ду ша оршотдийнахь аьлла.

Вице-спикерна хетарехь, Зеленскийс "Слуга народа 3" кино чохь Голобородько Василийн рол ловзочу хенахь "олигофренаш", "даунаш" дешнаш баьхна, инвалидаш аьшнашбарца.

"Европан Украина, толеранте пачхьалкх кхуллуш ду вай, цабезамца, мостагIалла айден къамелаш магийта мегар дац вай. Цивилан дуьненахь цу кепара забарш йойла дац. Политике вогIучу стагна маггане а магийта йиш яц. Цабезаман, дискриминацин матто гена доху вай Европан пачхьалкхашна а, НАТО-на а. Оцу институтийн коьрта принципаш ма ю- адамийн бакъонаш ларар, толеранталла а", -аьлла, билгалдаьккхина Геращенкос.

Ишта вице-спикеро тIедожийна Украинан омбудсменна Денисова Людмилина, Зеленскийс дакъалаьцначу филмашкахь цо адамийн бакъонаш хьешна хиларан мах хадор.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министре Аваков Арсене Зеленскийна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар тIедожийна, цо дискриминаци а, цабезам а марсабаккхарна.

Карладоккху, харжамийн шолгIа тур дIахьур ю Украинехь кху беттан 21-чу дийнахь. Хиллачу турехь Порошенко Петрна 15, 9 процент кхаьжнаш кхечира, ткъа Зеленский Владимирна 30,24%.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG