ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовс дагестанхошка: "Нагахь и латтанаш шу делахь, гайтийша кехаташ"


Дагестанхойн агIонца шина республикана юкъара дозанаш къастош дийцарш дIадаьхьна Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Кизляран гергара латтанаш дара дуьйцурш. Кизляран кIошта чудогIу лаьттан дакъа нохчийн Росреестре цIартIе даккхийта хьалхо дуьхьало йира Дагестанан парламенто. Амма шолгIачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалле бехкбоккхуш дина дIахьедар Дагестанан Халкъан собранин официалан сайтера дIадаьккхира.

"Нагахь и латта аша шайн ду бахахь, гайтийша документаш. Охьа а хевшина, цхьа барт бийр бу-кх вац. Кизляран администрацино цхьана а кепара кехаташ ца гайтира", - аьллачу спикеран дешанш далийна Хадулаев Шемала.

Даудовс цуьнца динера телефонехула къамел. Дагестанан парламенто шайн сайт тIера дIадаьккхинчу дIахьедарх билгалдаьккхина Даудовс: "Стенна яздо кехаташ, лулахой ма ду вац. Телефон тоьхна, вовшашца къамелаш дойла ма ю" аьлла. Ишта Фейсбукерчу шен аккаунтехь яздо Хадулаевс.

Цо бахарехь, ишта Даудов Мохьмада шаьш кийча хилар дIахаийтина мичча хенахь вовшахкхета, нагахь къовсаме хеттарш нислахь. Хьахийна нохчийн спикеро Гумбетан кIоштара 160 гектар латта а.

"Дербент" агенталле Хадулаевс дийцина, Кизляран цхьа дакъа Нохчийчоьнан дозан тIехь дисина Дагестанан Iедалхоша мало яран бахьанашца. Пхеа баттахь ладийгIира нохчаша, дагестанан агIоно цхьа гIулч йоккху бохуш. ХIорш лелла а ца бевлла, латтанаш шайн цIар тIе даьхна цара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG