ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дронца шена тешнабехк барна кхоьру Путин


Дрон-атака а йина, ша эккхийтарна кхоьруш ву Орсийчоьнан президент Путин Владимир аьлла, Iорадаьккхина Iамеркан талламчаша. Цара къастийна, пачхьалкхан урхалхочо GPS-навигаторш тилорхьама даим а шеца лелош гIирс хилар, ша волу меттиг мостагIех къайлахьош.

Ишта бу гIирс: нагахь Путин хIорда тIехь велахь, GPS системано иза гергарчу аэропортехь ву олий, гойту. Кхерамзаллехула йолчу C4ADS группан эксперташа хIоттийначу рапортна тIе а тевжаш, Foreign policy хьостано дуьйцу, оцу кхоьллинчу гIирсо гIо до Путинна, амма кхерамна кIел хIиттабо кхиболу нах, хIунда аьлча, оцу президента лелочу гIирсан радиусехь доьлхучу кеманийн а, хIордкеманийн а сигнал талхош хиларна.

Масала, кху шарахь GPS системехь новкъарло хиларца доьхна сихаллин гIо кхачош долу къилба Норвегера кема.

Дроно вен кхерам латтар бух болуш ду: дахначу шарахь Венесуэлан президентна Мадуро Николасана кIело йира дронашца йоьллинчу оьккхуьйтургца, карладоккху Foreign policy хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG