ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзамаш кIезиг хиларца 3-чу меттехь ю Нохчийчоь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчуьрчу некъан полицино (ГИБДД) бинчу хаамца, 2018-чу шарахь цу пачхьалкхехь хилла 168 эзар некъахьовзам. И бахьана долуш вийна 18 эзар стаг, кхин а 215 эзар стаг лазийна ву.

Уггар дукха некъахьовзамаш хилла Москох - 9157. ШолгIачу меттехь бу Краснодаран мохк (7 эзар сов некъахьовзам), кхоалгIачу меттехь – Петарбух (6463).

Уггар кIезиг некъахьовзамаш хиларехула хьалхара меттиг дIалаьцна стохка Чукотко а, Ненцойн автономин гоно (32). Царна тIаьхьа йогIуш ю 206 некъахьовзам хилла ГIалгIайчоь. КоалгIачу меттехь ю Нохчийчоь (227).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG