ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен дозанехь таллам бар дахдан дагахь ю Австри


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Венгрица а, Словакица а доза хадош талламаш бар 2019-чу шеран Лахьанан батте кхаччалц дахдан сацам бина шаьш аьлла, хаам бина Австрин чохьаррчу гIуллакхийн министро Кикль Херберта. Цу махкарчу Оe24.at зорбанан гIирсана интервью луш министро дIахьедар дира и раж латтор оьшуш ду шайна "каъйлаха миграцица эвсаре къийсам латто" аьлла.

Еврокомиссе кехат хьажор ду шаьш тIедогIучу кIиранах, иза шайн бакъо ю, Австри ша яц иштта ойла йолуш, изза дийр ду кхечу пачхьалкхаша а, боху Кикла.

Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь алсамдаьлла къайлаха цу махка гIертачу мигрантийн терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG