ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIеман операци дIаяхьа кечлуш ву ЭрдохIан

ЭрдохIан Реджеп а (аьрру), Путин Владимир а. Архивера сурт.
ЭрдохIан Реджеп а (аьрру), Путин Владимир а. Архивера сурт.

Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджепа дIахьедар дина, шайн эскарш Шемахь тIеман операци дIаяхьа кечлуш ду аьлла. Москох визитца веача Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца и хаттар дийцаре дан дагахь ву туркойн куьйгалхо.

ЭрдохIана хьалхо дIахьедар динера, тIеман операци хир ю шайн малхбалерчу дозанца йолчу Шеман кIошташкахь а, такъа иштта Манбиджехь а дIатарйеллачу курдийн тобанашна дуьхьал, нагахь уьш Iамерко цигара ара ца яхахь аьлла.

ТIаьхьо Туркойчоьно тIаьхьатеттира иза дIаяхьар, ЭрдохIанан Iамеркан президентца Трамп Доналдца къамел хиллачул тIаьхьа.

​
XS
SM
MD
LG