ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчуьрчу профессоро шен говзалла гойтур ю нохчийн лоьрашна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Аджибадем Туркойчуьрчу клиникаца юкъаметтигаш латтор дIахьош ю Нохчийчоь. Вовшашна зеделларг довзуьйтуш хуьлучу цхьаьнакхетарехула Соьлж-ГIалахь хилла цу лоьрийн центран цхьамоггIа говзанчаш, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Нохчийн Республикан могушаллан министро Сулейманов Эльхана бинчу хаамца, хIинца Нохчийчу вогIуш ву Туркойчуьра деган цамгарийн лор-кардиолог, профессор Одимиш Эндер. ГIалахь ши де доккхуш шен говзалла гойтур ю цо нохчийн лоьрашна. Дархошна тIехIуттуш чекхвер ву лор дарбанан хIусамехь, цомгуш болу нах тIеоьцуш царна диагноз хIоттош болх а бийр бу цо.

Иза дика аьтто бу, аьлла хета Сулеймановна, нохчийн лоьрашна цIахь боллушехь шайн говзалла лакхаяккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG