Бесланера лоьмар 1 йолу школа дIалаьцначу тIемалоша дIасакхехьийтинчу кехатийн копеш "Правда Беслана" сайт тIера дIаяхар тIедожийна "Роскомнадзоро" юха а. Сайт кхоьллинчу Литвинович Маринас хаамбина кхунах лаьцна. Бехкзуламан гIуллакхан материалашкахь латтош а ду и кехаташ, кхелехь дIа а дешна, хIетте а Iедалхоша сацамбина, интернетехь уьш даржо мегаш дац аьлла.
"Дуьххьара стохка аьхка коча баьхкира Iедалхой суна, хIинца шолгIа а тIебирзина, Москварчу Никулинан кхело 2011-чу шарахь бинчу сацамна тIе а туьйжуш, и кехатийн агIо сайтера дIаяккха бохуш. Бале ма бовьлла суна уьш! Со къар ца ло – информаци юкъараллана маьIне ю, иза къайлаяккха мегар дац, бохуш", - яздина Литвиновича шен Фейсбукерчу аккаунтехь.
"Бесланан аз" ("Голос Беслана" ) юкъараллан комитетан куьйгалхочунна Кесаева Эллина хетарехь, Бесланехь трагеди хилла 15 шо кхачар билгалдаккха кечлуш хила тарло Iедалхой. "Кхи муха кхетор ду и", - боху цо.
Къилба ХIирийчуьра лоьмар 1 йолчу школана 2004-чу шеран Гезгамашин-беттан 1-чу дийнахь тIелатар динчул тIаьхьа, шаьш деанарг а, шаьш тIедуьллург а Iедалхошка дIахоуьйтуш, яздина кехат дIаделлера тIемалоша.
Юьхьанца цхьана а кепара тIедахкарш дацара тIемалойн бохуш, чIагIдора Iедалхоша, амма тIаьхьо йозанаш Iорадехира.
Масала, 2004-чу шарахь Марсхьокху-беттан 30-чохь тIемалойн хьалханчас Басаев Шемала Путин Владимире дахьийтинчу кехат тIехь яздо, ша машар бан реза хиларх, нагахь Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хилар къобалдахь.
Ишта Басаевс хьахийнера, 1999-чу шарахь Москвахь а, Волгодонскехь а лелхийтинчу цIенойн жоьпалла а нохчаша шайна тIеоьцу, "тIелаца тарлучу кепехь", шаьш цу зуламна "юкъара доцушшехь" а аьлла.
ГIалгIайчоьнан хиллачу президенте Аушев Русланехула дIакхачийнера кехат тIемалоша, Бесланера школа дIалаьцна шолгIачу дийнахь. Республикан хилла президент юкъалелаш вара хIетахь. Ницкъаллийн структурийн штабе дIакхачийнера цо шега тIемалоша делла кехат, амма дуьххьара оцу кехатан чулацам бовзийтира прокуроро 2006-чу шарахь, школана тIелатар динчу цхьахволчу декъашхочун Кулаев Нурпашин дов хоттучу кхелехь.
Нагахь оьрсийн эскарш ара а даьхна, Ичкери йозуш йоцу республика санна дIакхайкхаяхь, Оьрсийчоьнна дуьхьал цхьаьнца а политикан, тIеман, экономикан бертан дийцарш дIахьур дац шаьш аьлла, дош деллера шен кехат тIехь Басаев Шемала.
Иштта чIагIо йинера цо, Ичкерин территори тIехь кхечу пачхьалкхийн тIеман базашка куп ца тохийта а, Оьрсийчоьнна дуьхаьл герзаца лаьттачу цхьана тобанна, цхьана организацина ахчанца, йа кхечу кепарчу гIоьнца тIе ца хIитта а.
Цул совнах, нохчийн буьйранчас яздинера, Оьрсийчоьнца а юьсуш, сом лела мохк хир бу Ичкери аьлла.
Ичкерин йозуш цахилар къобалдинчул тIаьхьа, Басаевс дош деллера, Оьрсийчуьрчу массо а бусулбанашка Москванна герзаца дуьхьал латтар сацадойтур ду ша, мел лаххара а 10-15 шарахь, нагахь шайн динан маьршо хьоьшуш ца хилахь аьлла.
Кехат тIехь билгалдаьккхинера, нохчийн къомо латто къийсам шайн маршонехьа а, шайн мохк бозуш боцуш хила лаарца а беш бу, Оьрсийчоь йохо, йа иза сийсазъярхьама беш бац аьлла.
Хууш ма-хиллара, Бесланера школа тIемалоша дIалацарца а, цул тIаьхьа спецназан ницкъашца йина штурм бахьана долуш а вийра 300 стаг, шайлахь дукхахдерш-бераш а долуш. Оьрсийчоьнан ницкъахоша гIишло схьайоккхуш динчу тIелатарехь байира дукхахболу закъалтхой.
2006-чу шарахь Товбеца-баттахь оьрсийн къайлахчу сервисаша вийра Басаев, цо яздина хилла кехаташ кхелехь официалехь дIадешна ах шо даьллачу заманчохь.
Материалан автор "Кавказ.Реалии" порталан корреспондент Дзуцати Валерий