ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дукузов а, кхин а 21 стаг а Оьрсийчоьне дIавала реза хилла Украина


2018-чу шарахь Украинин Iедалша Оьрсийчу дIавелла 22 стаг, шайна юкъахь оьрсийн маттахь арадолучу Forbes журналан коьрта редактор Хлебников Пол верна бехке лоруш волу Нохчийчуьра Дукузов Мохьмад а волуш. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан инарлин прокуроро Чайка Юрийс, ша Федерацин Кхеташоне хьажийначу докладехь.

Чайкас билгалдоккхарехь, Оьрсийчоьнан а, Украинин а юкъаметтигаш чолхе хиллехь а, цо куьйгалла дечу хьукматан аьтто баьлла Оьрсийчохь зуламаш дина нах украинахошка схьабалийта.

Дукузов лецира Киевехь 2017-чу шарахь Лахьанан-беттан 17-хь. Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн векалша чIагIдарехь, Хлебников вуьйш дакъалаьцна ца Iаш, Дукузовс юкъаозийна хилла Нохчийчоьнан Iедалан аппаратан куьйгалхо хилла Сергунин Яков верна.

Хлебниковна герз тоьхнарг лоруш ву Дукузов Мохьмадан ваша Дукузов Казбек. Цунна а, Вахаев Муса ц1е йолчу кхин цхьана нохчочунна а кхел йира 2006-чу шарахь. Амма бехккъасторхоша бехказа лерира и шиъ. Оццу шарахь юхаталла долийра цу шинан гIуллакх. Амма Дукузов а, Вахаев а къайлавелира, рогIерчу кхеле хьоьжуш ца Iаш.

2011-чу шарахь Дукузов Казбекан лар гучуелира Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь. Цу махкахь, 10 шо хан а тоьхна, чувоьллинера иза талоран тIелатар дарна. Ткъа 2015-чу шеран аьхка иза аравелира набахьтера амнистехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG