1995-чу шарахь аьхка Буденновск гIалана тIелатарехь дакъалаьцначу нохчийн тIемалочун Исламов Русланна кхел кхайкхош ю Ростох Къилбаседа Кавказан тIеман гонан кхелехь шинарин дийнахь 2 сахьт даьлча.
Цунна бехке дуьллуш ду "низамаш лардон органийн белхахой а, ницкъаллин структурийн белхахой а байар а, могIарера бахархой "закъалтана лецар" а, "зуламан тобан декъашхо" хилар а, "терроран тIелатар дар" а, аьлла ду цу хаамехь.Суьдо бинчу хаамца, Исламовс даре дина ша бехке хилар.
Нохчийн хилла тIемало лецира 2017-чу шарахь Товбецан-беттан 13-чохь. Цуьнан гIуллакх луьсташ дара кхелехь ша-тайпачу кепехь, ша Буденновскерчу рейдехь дакъалацарна иза къера хиларна.