ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

4 стаг вийна Нохчийчохь хиллачу некъахьовзамехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Бохам хилла Шелковскойн кIоштахь Ищерскера ГIизлара боьдучу некъа тIехь. Дуьхь-дуьхьал кхеттарг ю ВАЗ а, КамАЗ а машенаш.

Нохчийчуьрчу некъан полицин зорбанан белхахоша бинчу хаамца, некъахьовзам хилар бахьана долуш вийна ВАЗ машенна урхалла деш хилла стаг а, цу чохь хилла 3 некъахо а. КамАЗ-ана урхалла деш хилларг лазийна вац.

Цкъачунна болчу хаамца, бохам хилла ВАЗ машен КамАз йогIучу агIор ялар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG