ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дукузов хIинца а Украинехь ву – Интерфакс


Гайтаман сурт.

Стохка Дукузов а, кхин а 22 стаг Оьрсийчоьне дIавала реза хилла Украина аьлла хаам бина инарлин прокуроро Чайка Юрийс, ша Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоне хьажийначу докладехь.

Оьрсийчоьнан а, Украинин а юкъаметтигаш чолхе хиллехь а, ша куьйгалла дечу прокуратура къахьер бахьана долуш аьтто баьлла и нах украинахошка схьабалийта, боху Чайкас. Амма тIаьхьо Интерфаксан хьастано хаам бина, Дукузов хIинца а Украинехь ву, иза кхечу бехктакхаман гIуллакхан фигурнт хиларна аьлла.

Дукузов лецира Киевехь 2017-чу шарахь Лахьанан-беттан 17-хь. Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн векалша чIагIдарехь, Хлебников вуьйш дакъалаьцна ца Iаш, Дукузовс юкъаозийна хилла Нохчийчоьнан Iедалан аппаратан куьйгалхо хилла Сергунин Яков верна.

Хлебниковна герз тоьхнарг лоруш ву Дукузов Мохьмадан ваша Дукузов Казбек. Цунна а, Вахаев Муса цIе йолчу кхин цхьана нохчочунна а кхел йира 2006-чу шарахь. Амма бехккъасторхоша бехказа лерира и шиъ. Оццу шарахь юхаталла долийра цу шинан гIуллакх. Амма Дукузов а, Вахаев а къайлавелира, рогIерчу кхеле хьоьжуш ца Iаш.

2011-чу шарахь Дукузов Казбекан лар гучуелира Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь. Цу махкахь, 10 шо хан а тоьхна, чувоьллинера иза талоран тIелатар дарна. Ткъа 2015-чу шеран аьхка иза аравелира набахьтера амнистехула.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG