ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонехь яккха 11 шо хан тоьхна Буденновскехь хиллачу Исламовна


1995-чу шарахь аьхка Буденновск гIалана тIелатарехь дакъалаьцначу нохчийн тIемалочун Исламов Русланн кхел кхайкхийна Ростох Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан кхело. 11 шо хан тоьхна цунна колонехь яккха, хаам бо РИА Новости агенталло.

Исламовна бехке дуьллуш дара "низамаш лардон органийн белхахой а, ницкъаллин структурийн белхахой а байар а, могIарера бахархой "закъалтана лецар" а, "зуламан тобан декъашхо" хилар а, "терроран тIелатар дар" а.

Нохчийн хилла тIемало лецира 2017-чу шарахь Товбецан-беттан 13-чохь. Цуьнан гIуллакх луьсташ дара кхелехь ша-тайпачу кепехь, ша Буденновскерчу рейдехь дакъалацарна иза къера хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG