ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши стаг лазийна ГIалгIайчоьнан муфтиятан хьалха


Несара, маьждиг.
Несара, маьждиг.

ГIалгIайчуьрчу вахархочо, ши стаг а лазош, травматикан тапча йиттина Несарарчу республикан муфтиятан хьалха. Цунах лаьцна хаам бина Интерфаксо.

Чевнаш хилларш дIабигина дарбанан хIусаме, хаам бина полицин векло. Интерфаксан хьастано дийцарехь, дов даларан бахьана хилла шина тайпанерчу шина жимачу стагана юкъахь ахчанца боьзна цакхетамаш хилар. Дов къасто баьхкина хилла уьш ГIагIайчоьнан бусалбан динан урхалле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG