Нохчийчоьнан прокуратуро таллам бина республикехь жижиган мах хьалабаьккхина, бохуш хабарш даржар бахьана долуш, хаам бо "Грозный-информ" сайто.
Чеченстато Чиллан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Зазадоккху-беттан 5-чу дийне кхаччалц мониторинг йича гучудаьлларг ду бежинан а, уьстагIан а жижиган мах 0,9 процентана хьалабаьлла хилар.
Цу кепара жижиг дукха дазделла бохуш дийцар бух боцуш лерина прокуратуро.
Низамца а догIуш, цхьана сурсата мах 30 дийнахь 30 процентана бестахь юкъагIорта декхарелахь ду Iедал.