ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Талламчашца бертахь волчу Iедалан адвокатца болхбан атта ду"


Германино схьавеллачул тIаьхьа дIалаьцначу ГIалгIайчоьнан вахархочунна адвокат тIе ца вуьту.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:42 0:00
Линкана тIе

Байначу беттан 14-чу дийнахь Германино Оьрсийчу дIахьовсийра гIалгIа Орцханов Тимур а, цуьнан доьзал а. Къайлахчу сервисийн белхахоша Москвахь дIалецира стаг, Зуламан Кодексан масех артиклехь бехкевина: бандиталла лелорна а, полисхочунна тIелатар дарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а аьлла. Федералан лехамашкахь хиллера Орцханов. Цуьнгара схьадаьхна бераш цуьнан гергарчаьрга дIакхачийра. Ши кIира даьллачул тIаьхьа хаамбира цаьрга, Тимур шаьш дIа а лаьцна, БуьритIехь латтош ву аьлла. Германехь йисинчу Орцхановн хIусамнанас дехар динера юристе Цороев Висите, шен берийн ден адвокат хIоттар доьхуш.

Цороев тIекхиира, Орцханов БуьритIерчу лоьмар 6 йолчу СИЗО-хь латтош хиларна. Лаьцначуьнца цхьанакхета вуьгу аьлла кабинет чу вигинера адвокат, амма тIаьхьо талламан изоляторан белхахочо дIахьединера, Орцхановн гIуллакх шен тергонехь латточу талламхочо бакъо ца елла цунна адвокатца цхьанакхета аьлла. Цул совнах кхи информаци елла ца хилла адвокатна.

Орцхановна дуьхьал айдина гIуллакх Къилбаседа Кавказан Талламан комитетан урхаллан белхахойн карахь дуй хиъначу Цороевс хаамбира Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуратуре, цара лелочу харцонех. Орцхановн гIуллакх толлучуьнца а зIене велира адвокат. Ша хьо тIевуьтур ву лаьцначунна, нагахь шен позицица шеца иза дагаволуш хилахь аьлла.

Дахначу оршотдийнахь Цороев юха а гIоьртира Орцхановца цхьанакхета. Кхечу адвокаташа массо а чоьнаш дIалаьцна ю аьллера кхуьнга цкъа, юха Орцхановн гIуллакх луьстучу цхьана талламхочуьнга телефон тохар дехнера, цуьнгара бакъо йоьхуш.

ХIирийн омбудсмене орца дехнера адвокато, цо СИЗО-н белхахошца къамел динчул тIаьхьа бакъо елира цунна ша Iалашван тIелаьцначуьнца къамел дан. Изоляторе адвокат схьакхаьчча, цуьнга аьлла хилла, Орцханов реза вац ша хьан каравала, шен волуш ву боху цо адвокат аьлла.

Оццу дийнахь бакъонашларъяран "Мемориал" центре дIахьедар дира Цороевс. Орцхоевна ша тIе ца витаран бахьанаш "шайгара кхоьллина а, бух боцуш а" ду элира цо.

"Лакхахь билгалбаьхначу даржхоша низамаш хьоьшуш, шайн бакъонел а совбуьйлуш, блок етта бакъ-кхиэлна, лахйо Орцхановн конституцин бакъонаш. Шайггара бахьанаш хIиттош, новкъарло йо цара адвокатна шен профессионалан декхарш кхочушдан", - аьлла ду Цороевс динчу дIахьедарехь яздина.

Ша Iалашвечунна тIехь ницкъ а бина, цуьнга харц мукIарло дайтарна кхоьру адвокат.

ГIалгIайчуьрчу "Мемориал" офисан куьйгалхочо Акиев Тимура дийцина "Кавказ.Реалии" портале, адвокат шен клиентна тIе ца вуьтуш меттигаш даим а нислуш хиларх.

"ТIаьххьара хиллачух ду хьуна – Нальчикехь изолятор чохь латточу ГIалгIайчуьрчу кегийрхошна адвокаташ тIе ца буьтуш. Цхьа дей, буьйсий ийшира тхуна, и проблема ерзо", - дуьйцу Акиевс.

ДIалецначарна тIехь Iазапаш латторца доьзна ца хуьлу цкъацкъа адвокат тIе ца витар аьлла хета бакъонашларъярхочунна.

"Наггахь талламчашна атта хуьлу Iедало веллачу адвокатца болхбан. ДIоггара чураваьлла хьийзар ма вац иза, лаьцначун бакъонаш толо гIерташ. Йа дуьхьалонаш а йийр яц цо талламчашна. Цундела шайна бIегIийла ма-хетта болх бо цара, низамашна тIех а буьйлуш", - аьлла Акиевс.

Бакъонашларъярхочо бахарехь, хIинццалц Орцхановн гIуллакхах хааделла дацара царна: уллора гергара нах а бац цуьнан, хIусамнана цкъачунна Германехь ю, цундела шайца зIене ваьлларг адвокат ву боху цо.

Ма-дарра хууш дац, мича бахьанашца депортаци йина Германино Орцхановна, тарло тховкIело цунна цаяларца доьзна а.

Билгалдоккху, 2012-чу шарахь хаамийн гIирсашкахь яьккхира Орцхановн цIе, иза "террорхой бу бохучу нехан тептарехь" ву аьлла.

Нохчашна хан тохар нийсонца хуьлу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG