ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь лецна нах дIасабигаран хьелаш Iазапе лору Страсбургерчу кхело


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчохь лецна нах дIасабигаран хьелаш Iазапе хиларх лаьцна дIахьедар дина Европан адамийн бакъонашкахула кхело. Цу тайпа вердикт кхайкхийна Страсбургерчу кхело 6 стага бина латкъам теллинчул тIаьхьа. Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожийна кхелахоша цу нахана 20 эзар евро далар.

Европан адамийн бакъонашкахула кхелана хетарехь, Оьрсийчохь лецна нах дIасабуьгуш лело автозакаш а, вагонзакаш а, ткъа иштта тутмакхаш дIасабигарца боьзна барамаш а ницкъ баран кеп йолуш бу. Кхелахоша жамI дина, цу барамаша Европан Конвенцин адамалла доцуш а, сий дойуш а адамаш латтор доьхкуш йолу 3 артикл йохош ю аьлла.

Оьрсийчоьнан юстицин министралло дIахьедар дина Страсбургерчу суьдо дина жамIаш толлур ду шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG