Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаменто Оьрсийчоьнан Федераци юкъатоьхна Iамеркахой закъалтана леца кхераме йолчу пачхьалкхашна. Цу кепара цIейоза дуьххьара хIоттийна Iамеркан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу хьукмато.
Ерриг цу цIейозанехь хьахийна ю 35 пачхьалкх, шайна юкъахь Украина а, Туркойчоь а, Шема а йолуш. Дуьйцург ду цу пачхьалкхашкахь Iамеркахойн дахарна а, могушаллана кхераме йолу зуламан тобанаш хилар.
Стохка ГIуран-баттахь Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто юкъатуьйхира Оьрсийчоь Iамеркахой вуно ларбала безачу пачхьалкхашна. Iамеркахой баха оьшуш дац аьлла хьахийначу меттигех цхьаъ яра Нохчийчоь.