ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газах декхар дитарехула рогIера кхеташо хир ю Нохчийчоьнан лаккхарчу кхелан


Нохчийчоьнан лаккхарчу кхело рогIера 5-гIа кхеташо дIахьур ю «Газпром межрегионгаз Грозный» компанино бина латкъам луьстуш.

Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело бинчу сацамца, иза декхарелахь йина республикерчу бахархошна юхадогIур доцу декхар дита. Цу декхарх лаьцна дуьйцуш, цхьанне а аьтто бац ша ягийна йоцчу газах ахча дала аьлла, дIахьедар дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

ТIехула тIе, цхьа а доцург ду Нохчийчьурчу бахархошна дитина бохуш 9 миллиардах лаьцна дуьйцург а, Заводан кIоштан кхелан сацамехь цхьа ахча хьехош ца хиларна, билгалдаьккхира Кадыровс.

Цо дийцарехь, «Газпром межрегионгаз Грозный» компанино еххачу хенахь газ йоьхкина бахархошна, баккъалла а газ ягош берш багар а ца беш. Нахана а ца хууш церан цIарх кехаташ хIиттийна а хилла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгдаккхарехь, цу нахана юкъатоьхна бу Нохчийчуьра дукхахенахь дуьйна дIабахана нах а, тIемаш боьлхуш байина нах.

"Цхьанне а аьтто бац ша ца ягийначу газах ахча дала, я юх-юха а цхьана кубометр газах пхиозза мах бала", - бохуш вара Кадыров.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG