ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу митингийн декъашхочунна гIуда тоьхна


ГIалгIайчоь -- Магасехь ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатар дарна Дугиев ИбраьхIим лаца веана ву Iедалан векал.
ГIалгIайчоь -- Магасехь ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатар дарна Дугиев ИбраьхIим лаца веана ву Iедалан векал.

ГIалгIайчохь суьдо 20 эзар сом гIуда тоьхна Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасерчу митингехь дакъалаьцначу Барахоев Илезана. Иза бехке вина дуккха а адамаш дакъалоцу мероприяти дIаяхьаран кеп йохорна.

Барахоевн да, 65 шо долу дуьхьалонан акцийн хьалханча Барахоев Ахьмад, 10 де хан а тоьхна, чувоьллина ву. Цунна бехке диллина, Iедалшка а ца хоуьйтуш, дуккха а адамаша дакъалоцу мероприяти вовшахтохар.

Хьалхо ГIалгIайчохь лаьцна меттигера жигархо Дугиев ИбраьхIим. Иза бехке веш ву дуьхьалонан акци дIахьош ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатар дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG