ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уггар чIогIа суна луург – тIера бедарш а яьхна, маьнги тIе охьавижар"


Бишкекан аэропортехь веха Хадаа Арлен
Бишкекан аэропортехь веха Хадаа Арлен

Кхаа баттахь гергга аэропортехь вехачу жимчу стеган истори.

Ши бутт ах бутт хан ю Хадаа Арлен ца ваьллачу денна Бишкекерчу аэропортехь Iаш волу. Оцу пачхьалкхан вахархо ца хиларе терра, "Терминал" киночуьрчу турпалхочун Наворски Викторан санна бакъо яц цуьнан транзитан зонера аравала. Баккъал а юьйцучу филман сюжетех тера ю шен истори аьлла хета боху Арлена, цкъа тIеххула бIаьрг тоьхча.

Дечкен-беттан 19-чу дийнахь Москвара шена депортаци йичхьана аэропортехь вехаш ву иза. Йоккхачу сериалан сюжет хила тарлора Арленан цул хьалха хиллачу ехачу, амма цхьа кегари хиллачу исторех.

"Сайн нене боху ас: "Уггар чIогIа суна хIун лаьа хаьий хьуна? ТIера бедарш дIа а яьхна, маьнги тIе охьавижа". Забарш еш нанас боху, ткъа бераш, уггар а хьалха хьайн бераш ган са ца хьоьвзина хьан? – дуьйцу жимчу стага. – Цхьа наггахь дерриг кIорда а дой, сайн кийрара Iа мел йолу мохь хьакха дог догIу сан: "Маца хир ю-те хIокху гIуллакхан чакхе" аьлла. Оцу мIаьргонехь дерригенах а дика кхета со, тIаккха меттавогIу".

ГIиргIазойчохь кхиина ву Арлен. Монголин вахархо хилла цуьнан да, нана гIиргIазойх ю. Узбекистано делла паспорт хилла цуьнан, ткъа дIаязйина Украинехь.

Советан Iедал доьхначул тIаьхьа цхьана хенахь Узбекистанехь бехира церан доьзал, цул тIаьхьа ГIиргIазойчу дехьабевлира. Арленан 9 шо хилла, цуьнан да а, нана а дIасакъаьстинчу заманчохь. ГIиргIазойчоьнан паспорташ церан цхьаьннен а ца хилла. Шен ненаца цхьана масийттазза гIоьртира Арлен ГIиргIазойчоьнан паспорт даккха, амма хIоразза а дуьхьало йора. ТIаккха сацамбира доьзало, кхечу пачхьалкхе дIабаха.

"Харц кехаташ а даьхна, пачхьалкхера арадовла аьтто хилира тхан. Диканах девдда дахана дацара тхо", - дагалоьцу Арлена.

Цуьнан нана а, ваша а, йиша а дIадахара Норвеги, цигахь мухIажирийн статус а елира царна. ХIинца оцу пачхьалкхан бахархой бу уьш.

2010-чу шарахь царна тIе дIавахара Арлен а. Цигахь веха 6 шо даьллачул тIаьхьа доьзал болийра цо. ЙоI хилира церан дуьххьара. КIант дуьненчу вала бутт бисинчу заманчохь хIусамненаца цхьана депортаци йира цунна ГIиргIазойчу. Кхуьнан зудчунна шолгIачу дийнахь Норвеги юхаян бакъо елира, ткъа Арлен висира аэропортехь.

Бахьана тIаьхьо довзийтира кхунна: кехат кхаьчна хилла Арленан гIиргIазойн пачхьалкхан вахархо ву аьлла.

Шина шарахь кехаташ вовшахдиттира Арлена, шен доьзална тIе юхаваха гIерташ. Эххар а цхьана ханна шайн махкахь ваха бакъо луш, кехат делира цунна. Оьрсийчу виза а йина, Норвегин векалте веара иза. Амма юха а Москвара Бишкеке депортаци йира цунна, кехаташца кхачамбацарш а хааделла. ГIала схьакхаьчча дуьхьал хилира Арлен аэропортера аравала. Иза тешна ву, ша аэропортехь Iийча Iедалхоша шен гIуллакх сихха цхьалха доккхур ду аьлла, тIаккха шен доьзалх дIакхета таро хир ю шен аьлла хеташ.

"Манас аэропортан" КПП-н куьйгалхочо Шадманов Канатбека бахарехь, нагахь компетенте йолчу органашка Хадаа Арлен ваьллехь, цунна пачхьалкхан вахархочун бакъонан дубликат елла хир яра.

"Масала, пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралле цо дехар динехь, ГIиргIазойчу ван бакъо лур яра цунна. Иза реза вац цунна. Цул тIаьхьа Норвеги дIаваха хала хир ду шена боху цо", - дуьйцу Шадмановс.

Норвегино шен хьокъехь сацам а бина, юхаваха бакъоне сатуьйсуш Бишкекан аэропортехь Iаш ву Арлен Хадаа карарчу заманчохь. Хаамийн гIирсашкахь цунах лаьцна дийца даьккхинчул тIаьхьа, пассажираш тIеоьху кхунна - ахчанца, юучуьнца гIо деш.

Аэропортан белхахочо дIавуьжуш тIетаса юргIа деана цунна. Улло боьвлла дозанхой а болуш, бакъо ло цунна арарчу кафе, йа туькана ваха а.

Аэропортехь ваха атта дац, дукха ахча дIадоьду боху Арлена. Гергарчу наха кхоьхьуьйтучу ахчанах хене волуш ву иза, цундела шен ма-хуьллу кхоо гIерта иза ахча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG