ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суданехь президентан цIа гоне лаьцна эскарша


Судан -- Хартум, дуьхьалонан акцийн декъашхой. Оханан-бутт 7, 2019
Судан -- Хартум, дуьхьалонан акцийн декъашхой. Оханан-бутт 7, 2019

Суданехь эскаран дакъоша гоне лаьцна Хартумера президентна цIа. Цу мехкан тIеман буьйранчалло хаам бина, шаьш телевизионехула а, радиохула а дIахьедар дийр ду кестта аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Bloomberg агентало.

Маситта бутт бу Суданехь 30 шарахь куьйгаллехь волчу ал-Башир Омаран Iедална дуьхьал акцеш дIайоьлху. ДIадаханчу шотдийнахь Хартумехь президентан цIенна хьалха хан тоьхна йоцу демонстраци йолаелла, президенте дарж дита бохуш.

The Guardian газето яздарехь, оршотан дийнахь армино лерринчу сервисийн белхахошка дIаса ца лаллийтира дуьхьалонан акци.

Ал-Башир Iедале веара 1989 шарахь, тIеман карчам а бина. Суданерчу Дарфурехь геноцид ярна шеко йолуш иза лаца ордер арахецна Дуьненаюкъарчу криминалан кхело.

Дечкен-баттахь Британерчу The Times газето хаам бира, Хартумера дуьхьалонан акцеш дIасалохкуш дакъалоцуш хила мега Оьрсийчуьра наемникаш аьлла. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло бакъдира цу махкахь шайн говзанчаш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG