ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь жима йоI лазийна IуьнцIалг боккхучу хелхархочо


Ловзаргахь хелхар деш воллучу стага жима йоI лазош яьккхина видео яьржина кху деношкахь YouTube-хь. Цу тIехь гуш ду цхьа жима стаг хелхаволуш хилар, юкъахьийзаш жима йоI а йолуш.

Цхьана маьIаргонна иза тIехьа нисло бохь богIа волавеллачу хелхархочун. ЦIеххьана Iуьнцалг баккха дагадеана иза кхоссалой ларамаза тIевужу жимачу йоIанна.

Хилларг къасто таллам болийна Нохчийчуьрчу прокуратуро, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Нагахь низам дохийна меттиг хилар гучудалахь, бехкенаш жоьпе озор бу шаьш, боху прокуратуро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG