ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суданан президенто ал-Башар Омара дитина шен дарж


Судан -- Хартум, Ал-Башир Омар, Чиллан-бутт 22, 2019.
Судан -- Хартум, Ал-Башир Омар, Чиллан-бутт 22, 2019.

Суданан президенто ал-Башир Омара дитина шен дарж. Карарчу хенахь дагадовларш дIадоьлхуш ду цу махкахь керла Iедал кхолларх лаьцна, хаам бо Reuters агенталло. Ал-Башира президентан дарж дитарх лаьцна официалан хаам хилла бац.

Хьалха хаам бинера Суданехь эскаран дакъоша гоне лаьцна Хартумера президентна цIа аьлла. Цу мехкан тIеман буьйранчалло хаам бина, шаьш телевизионехула а, радиохула а дIахьедар дийр ду кестта аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Bloomberg агентало.

Маситта бутт бу Суданехь 30 шарахь куьйгаллехь волчу ал-Башир Омаран Iедална дуьхьал акцеш дIайоьлху. ДIадаханчу шотдийнахь Хартумехь президентан цIенна хьалха хан тоьхна йоцу демонстраци йолаелла, президенте дарж дита бохуш.

The Guardian газето яздарехь, оршотан дийнахь армино лерринчу сервисийн белхахошка дIаса ца лаллийтира дуьхьалонан акци.

Ал-Башир Iедале веара 1989 шарахь, тIеман карчам а бина. Суданерчу Дарфурехь геноцид ярна шеко йолуш иза лаца ордер арахецна Дуьненаюкъарчу криминалан кхело.

Дечкен-баттахь Британерчу The Times газето хаам бира, Хартумера дуьхьалонан акцеш дIасалохкуш дакъалоцуш хила мега Оьрсийчуьра наемникаш аьлла. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло бакъдира цу махкахь шайн говзанчаш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG