ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ду ю спик инглиш?


Къилбаседа ХIирийчуьрчу бахархошна хIунда ца хаьа кхечу пачхьалкхийн меттанаш

Къилбаседа ХIирийчохь шуьйра евзачу интернет-ресурсо бинчу талламийн жамIашца а догIуш, дукхахболчу меттигерчу бахархошна кхечу меттан цхьа а юьхьанцара дешнаш ца хаьа.

Мотт Iамо цхьана а кепара перспектива ца го

Муьлххачу регионехь а санна, ХIирийчохь а кхечу пачхьалкхан мотт Iамон болабо 5-чу классашкахь. Нагахь школа шен спецаиализаци йолуш яцахь. Меттанаш Iамо Iалашонца схьайиллина масех школа бен яц республикехь. Оцу школаша арахецна бераш шерра мот бийца хууш дацахь а, меттанаш Iамочу лакхарчу доьшийлийн шолгIачу курсехь доьшучу берел а тIаьхьа дуьсуш хила йиш яц.

Шайн маттана ечул а алсам терго йо ХIирийчохь кхечу мехкийн меттанаш Iаморна олийла ду оцу бахьанашна. Делахь а практикехь дерриг а ма-дуьйццу ца хуьлу.

"Кхечу пачхьалкхийн меттанаш шайн маттал а дика Iамадо бохург- миф ю", – чIагIдо профессоро Камболов Тамерлана (къоман мотт Iамош, хьоьхуш хила беза бохуш, жигара чIагIдечарех ву иза).

Цо бахарехь, ма-дарра дийцича, кхечу мехкан меттанийн а, шен ненан меттан хаарш а лакхара дац, тIегIанашкахь аьлча.

"Коьрта бахьана ду - и меттанаш Iамо социалан мотиваци цахилар", - билгалдоккху профессоро.

Меттанашца цхьатерра ситуаци ю кхузахь: доккхачу декъанна дешархошна а, студенташна а и меттанаш оьшур ду аьлла, цхьана а кепара тIаьхьало ца го бохуш, кхетадо эксперто.

Хьал тодийр дара аьлла, тешна ву профессор, нагахь школашкахь кхечу мехкан меттан а, шен ненан меттан а ЕГЭ ялийтар юкъадалийча.

"ХIун оьшу ненан мотт, юкъараллехь цуьнах пайда оьцуш ца хилча ала тарло. Ткъа кхечу мехкийн меттанаш а ма дац кхузахь лелаш", - боху Камболовс.

Нагахь меттанийн ЕГЭ ялар юкъадаккхарца цхьана, 10-11-чу а классашкахь а, меттанаш Iамош 9 шо даьллачул тIаьхьа цхьа дисциплина мукъна а ненан маттахь, важа кхечу мехкан маттахь хьоьхуш хилахь, оцу практико кхетам самабоккхур бара нехан.

Мотт хьехаран методика сингаттаме ю

Дукхахболу хьехархой тIетов профессоро бохучунна. Хьехархочунна Джанаева Нинина а го проблема школан системехь мотт хьехарца: "Сингаттаме ду, книгаш ширъелла, группашкахь вовшахтоьхна дукха бераш ду" боху цо.

"Оцу бахьанашца хилла а ца Iа. Мичча хенара и стаг велахь а, ца хаьа царна деша. Царна атта деза дерриг а, шайна хало а ца хуьлуш. Сериалаша, музыкано, я книгаша гIо дийр дац, нагахь санна царех ахь нийса пайдаоьцуш бацахь. Мотт Iамор хала хила деза ца боху ас, амма рожехь диллина а, интерес йолуш а хила деза", - боху Джанаевас.

Кхечу мехкийн меттанийн факультет чекхъяьккхина ю Елоева Оксана. Иза йоккхайоь кегийрхойн меттанийн хаарех. Нагахь цхьаммо шайга некъ хаттахь, иттанах ворхIаммо боха а ца бухуш, дуьйцур ду аьлла, тешна ю иза.

"Проблема ю кхузахь. Мотт хаа лууш хьо велахь – дуккха а къахьега деза ахь, - боху йоIа. – Ткъа дешархоша мало йо цу тIехь. Доггахь меттанаш хаа луучура Iамабо. Цу тIе школашкахь яккхийчу группашкахь хьоьху мотт, хьехархой ца кхиабо. БогIуш-боьлхуш бу меттанийн хьехархой а, дукха хьолахь, хьехархой шаьш даггара а ца хьийза. Мотт оьшучу тIегIанехь латто лууш велахь, репетитор лаца деза, ткъа иза веза хуьлу", - дуьйцу Елоевас.

Шайн хаарех баккхийбеш йа тIекхуьу чкъор а ца хаало. Лахарчу барамехь кхечу пачхьалкхийн меттанаш хуурш иттанна юккъехь виъ бен ца волу аьлла, тидаме эцна студенто Кузнецов Ивана.

"Дукха бу школашкахь пенси баха хан йолу хьехархой, цаьрга ладегIа интересе ца хуьлу, - боху жимчу стага. – Цул совнах, ингалсан мотт – дуьненаюкъара мотт боллушехь а, нах ца гIерта и Iамо а, хаа а", - къера ву Кузнецов.

Ишта Ивана билгалйоху программин ледара агIонаш а: "Урокехь пайдаоьцуш бац интерактиван формех. Самукъане а, интересе а хир ма-дара, нагахь кест-кеста субтитрашца фильмашка хьовсуш хилча а, ингалсан маттахь дуккха а барамаш дIахьош хилча а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG