ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суданехь Iедал шайн караэцна эскархоша, президент ал-Башир лаьцна


Суданан тIеман министр Авад Мохаммед Ахмед ибн Ауф.
Суданан тIеман министр Авад Мохаммед Ахмед ибн Ауф.

Суданехь Iедал шайн караэцна армино. 30 шарахь цу мехкан куьйгалхо хилла президент ал-Башир Омар лаьцна. Суданна урхалла дийр ду тIеман кхеташоно. Цунах лаьцна къоман телевизионехула хаам бина тIеман министро Авад Мохаммед Ахмед ибн Ауфа. Махкахь кхаа баттана кхайкхийна чолхе хьал.

Цхьана ханна болх бечура сацийна мехкан Конституци, 24 сохьтана дIакъевлина Суданан тIехула кеманаш лелар. ДIачIаьгIна дозанера талламан-чекхволуьйту меттигаш.

Iедал хийцаран хан дIайирзинчул тIаьхьа махкахь харжамаш бан сацам бина эскаран векалша. И хан мел яхлур ю дуьйцуш дац.

Суданехь Iедал хийцина, Хартумехь дуьхьалонан акцеш дIайоьлхуш а йолуш. ТIаьхьарчу деношкахь арми тIехIоьттинера демонстранташна. Цара Iалаш бора маьрша нах кхерамазаллин ницкъех. Хьалхо хаам кхечира набахташкара политикан тутмакхаш маьрша бахарх лаьцна.

Reuters агенталло бинчу хаамца, Хартуман юккъехь гулбелла блболу дуьхьалонан акцийн декъашхой дагахь бац дIасабовла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG