ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанан 6 махкахо цIахьажийна Нохчийчуьра


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Шелан а, Шелковскойн кIошташкахь талламаш беш Узбекистанера 6 вахархо лаьцна Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша. Уьш, бакъо а йоцуш, цхьацца белхаш а беш бехаш хилла Нохчийчохь.

Къайлаха баьхкинчу мигрантех хIоранна а 2000 сом барамехь гIуда тоьхна кхело. Суьдан пустоьпаша уьш дIакхачийна Москох "Внуково" аэропорте. Цигара Узбекистанан махкахой цIахьовсийна Ташкенте доьдучу кеманца.

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьашца, хIара 2019-гI шо доладелчхьана нохчийн пурстоьпаша республикера аравьккхина мигрантий низам дохош веана кхечу пачхьалкхашкара 22 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG