ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н харц белхахо чуйоьллина Нохчийчохь


Соьлж-ГIалан Октябран кIоштан кхело жоьпе озийнарг ю Закаева Хеда цIе йолу зуда. Иза бехке лаьрра, харцо а лелийна, вахархочун ахчанца зе дарна, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Талламхойн версица, Закаевас 2016-чу шарахь ша ФСБ-н белхахо а ю, ша Оьрсийчоьнан тIеман министраллан эскарехь гIуллакх дан балха дIанисйир а ю аьлла 80 эзар сом эцна хилла шена евзачу зудчуьнгара.

Эххаре а гучудаьлла ФСБ-н харц белхахочо и зуда Iехийна а, кхаъ бала делла ахча цо шен хьашташна доьхкина а хилар.

Иза тидаме эцна, кхело, 6 бутт хан а тоьхна, колоне хьажийна хӀилланча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG