Оьрсийчохь 3 процент нехан долахь бу 90 процент гергга бахам – ахча а, финансийн акитиваш а, кхин дерг а. Цунах лаьцна яздо "Коммерсант" газето, экономикан лаккхарчу школо а, Внешэкономбанко а далочу терахьашна тIе а тевжаш.
Хьал долчу нехан бахам дебаш бу тIедогIу рицкъ хьалха санна дацахь а. Оьрсийчуьрчу 20 процент бахархойн долахь дацара стохка 6 процент финансийн активаш а, 5 процент карахь лело ахча а бен.
The Wealth Report 2019 цIе йолчу дуьненаюкъарчу талламо гайтарехь, Оьрсийчуьрчу миллионерех кхоалгIа дакъа ду махкара дIадаха лууш. Царах 80 процент миллионераш хIинцале гIулчаш йохуш бу кхечу пачхьалкхан паспорт даккха.
Дела реза хуьлда х1ара г1уллакх дечарна.