Бохам хилла Нохчийчохь велиспятца араваьллачу 11 шо долчу кIантаца боьзна. ХIунда делахь а, хахкавала араволуш цо шен караэцна хилла урс. ЦIеххьана галваьлла велиспетан тIера охьакхетта иза, нисса урсана тIе а вужуш.
БIаьрга кIелхула чудахана урс а долуш, иза сихонца дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу номер 4 йолчу дарбанан хIусаме. Говза лоьраш каде хьовзарна кхин тIаьхьало йоцуш дIайирзина операци. Цара дийцарехь, уьрсан буьхьиг хьена тIекхача йисина ца хилла масех миллиметр а бен. БIаьрса а ца духуш дисина.
Болчу хаамца, дархо цIавахийтина лоьраша дарбанан хIусамера.