ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но Тюменехь вийнарг мила ву хиина


Тюменехь "Исламан пачхьалкх" олучу тобан агIонча ву аьлла вийна ши жима стаг. Цунах лаьцна яздо "Новый день" агенталло.

Болчу хаамца, шотдийнахь Iуьйранна дохийначу цIено чуьра арадаьккхина ши дакъа. Цу шиннах цхьаъ ву цу хIусаман да, Тимур цIе йолу жима стаг. ШолгIаниг мила ву хууш дац.

"Новый день" агенталло яздарехь, Тимуран хилла 27 шо. Цуьнан да-нана (Нохчийчуьра нана а, ГIалгIайчуьра да а) делла маситта шо хьалха. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, Тимур доьшуш хилла меттигерчу №1 гимназехь. Иза "кIеда, гIиллакх долуш кIант" хилла, бохуш тоьшалла до цара.

Тюменан регионан губернатороМоор Александра чIагIдо, Тюменехь вийна ши жима стаг гIалахь терроран акташ кечйеш хилла бохуш.

Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, Тюменехь "Исламан пачхьалкх" олучу тобан агIончаш хила мега аьлла нах байина ницкъаллин структурийн белхахоша. Цу гIалахь кхайкхийнера контртерроран операцин раж.

Зорбан гIирсаша дийцарехь, шина стага дуьхьало йина хилла шайна тIелеттачу ницкъаллин структурийн белхахошна. И шиъ вийна. Герзаш деттачехь цхьана цIийнах цIе яьлла. Ток дIаяьккхина масийтта урамера. Социалан машанашкахь гучуяьллачу видеон тIехь хезаш ду герзаш детташ, ткъа иштта сурташ ду гIалан урамашкахь йолчу гIагIдиллинчу техникан.

Карарчу хенахь контртерроран раж дIаяьккхина гIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG