ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харц дарбанча лаьцна Нохчийчохь


Ставрополерчу цхьана шайтӀанашца тайначу маган хIусамера пен. Гайтаман сурт.
Ставрополерчу цхьана шайтӀанашца тайначу маган хIусамера пен. Гайтаман сурт.

Ахчанах дарба до ша, бохуш нах лебеш лелаш йолу Волшина Наталья цIе йолу зуда лаьцна Нохчийчохь. Цо зударийн Iехош хилла, шегахь тамашийна хьунарш ду бохуш.

Волошинас дийцарехь, цу хьуьнарех пайда оьцуш цуьнга дархочун маре яха стаг а билгалваккхалуш хилла, массо а цамгарна дарба далуш а хилла. Дарбане сатуьйсучу наха ца кхоош ахча луш хилла цунна.

«Грозный ТВ» телевизионо дийцарехь, харц дарбанча ехаш а, болх беш а ю Стааврополехь а, ГIалахь а. Ша дечун мехаш тIехь болуш хIоттийна кехат (прайслист) а хилла цо лелош.

Карарчу хенахь аьшпашбуьттург лаьцна ю. Полисхошка иза дуьйцуш ю ша нах муха Iехош хилла бохург. Цу зудчун таIзар дийр ду, хаам бо, "Городской ревизор" сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG