ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицина карийна Парижехь лачкъийна 1 миллион доллар мах болу дашо чIуг


Императоран Наполеон КхоалгIачун хIусамнана тIаьххьара Францин император хилла Евгения (1826–1920). Франц-Ксавер Винтерхальтеран сурт.
Императоран Наполеон КхоалгIачун хIусамнана тIаьххьара Францин император хилла Евгения (1826–1920). Франц-Ксавер Винтерхальтеран сурт.

Францерчу полисхой каро аьтто баьлла хIара бутт болалуш лачкъийна хилла 1 миллион доллар мах болу дашо чIуг. 40 карат бриллиантца кечйина йолу иза дакъа ду Наполеон Бонапартан доьзалан тIаьхьенийн. Наполеон КхоалгIачун хIусамненан Евгениян паччахьан хIазарна чухIоттийна хилла и бриллиант.

Наполеон КхоалгIачун тIаьхьенах волчу Наполеон Жан-Кристофа шен тIехьийзачу йоIанна фон Арко-Зиннеберг Олимпина иза яло дагахь мах бечу дийнахь елла хилла и чIуг.

Иза хилла цу шинан къовлаза йисинчу машена чохь болчу тIоьрмигчохь. ЧIуг а, бумаьштиг а, кредитан картанаш а, компьютер а лачкъийна хилла къуьно.

Шен карадеанчу цхьана кредитан картанах пайда эцна цу стага, луларчу японхойн ресторанехь хIумакхоллуш. Эццахь видеокамеро сурт даьккхина цуьнан.

Полисхошна дукха сиха карийна и стаг. Къу хилла 30 шо долу Мисаран махкахо. ТIаьхьо гучудаьлла цунна шен караеана дашо чIург оццул еза хилар хууш ца хилар. Прокуратуро журналисташка дийцина уггар хала дерг, къуьно ша лечкъийна хIуманаш дIасаяхале иза схьалацар дара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG