ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнах яржочу дезинформацина дуьхьал къийсам болош бу Iедалхоша


Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсийн атворитет лакхаяккха еза аьлла, кхайкхамбина пачхьалкхан "Грозный" телевизионан куьйгалхочо Дудаев Ахьмада. Зорбан цIийнехь дIаяьхьначу кхеташонехь дина цо и дIахьедар, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца.

Нохчийчуьрчу зорбанан гIирсашна хийцамаш оьшу питанашца къийсам латто аьлла, дIахьедар динаа Кадыров Рамзана аьлла, хаам бира ТАСС агенталло.

Цу хьокъехь оьшуш йолу проекташ кечъяр цо тIедиллинера "Грозный" телевизионан куьйгалхочунна Дудаев Ахьмадна.

ХIинццалц лелийначу кепаша таро ца ло зорбанийн авторитет лакхаяккха аьлла телехьожийлан куьйгалхочо. "Къаьсттина Интернетехь а, социалан машанашкахь яржош ю вайн регионех дезинформаци, цундела харц хаамашна дуьхьал болх социалан машанашкахь жигара баккха беза вай", - аьлла Дудаев Ахьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG