ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХаджаевгIара бехк баьккхина, шаьш бертаза махках даьхна аьллачу блогере


Блогер Абдурахманов Тумсо

2016-чу шарахь ворхI стаг а вуьйш, хилла некъахьовзам бахьана долуш, куьйгбехкечун Ходжаев Iаламан гергарнаш Нохчийчуьра дIабахарх сюжет гайтина пачхьалкхан телевизионан эфирехь. Шаьш шайн лаамехь арадевлира махкара аьлла, дIа а хьедина, емалвина цара, шаьш Iедало бертаза республикера лехкина бохуш, даржон нохчийн блогер. Цара вуьйцург Абдурахманов Тумсо ву аьлла, тешна бу бахархой.

Ши шо хьалха Ford машен хаьхкина вогIучо, "Приорех" а, ВАЗ-21014 машенех а кхеташ инцидент йинера "Кавказ" трасси тIехь. Оцу бохамехь велира 7 стаг, шиъ дарбан хIусаме кхачийнера. Талламаш бинчул тIаьхьа Iараделира, бехке Fordан урхалхо Хаджаев Iалам хилар. Тешаша тIечIагIдира, иза къаьркъа мелла хилар а. Ша Хаджаев Iалам а велира оцу аварехь. И бохам Iоттабеллачул тIаьхьа ХаджаевгIеран цIийнах мел болу божарий махкал арабевлира.

Сюжетехь корреспонденто дуьйцу, беллачийн гергарчара чIир кхайкхийначул тIаьхьа, ХаджаевгIар шайн лаамехь республикера дIабахара, амма цхьа хан яьлча юхабаьхкира уьш бохуш.

"Тхо дIадахаран бахьана дара - тхан кIентан бехках нах балар. Эхь-бехк лерина, юьхьIаьржа а хIиттина дIадахара тхо. Цхьаммо а нуьцкъаша арадаьхна дацара тхо", - аьлла эфирехь бехкехиллачу Хаджаев Iаламан дас Iалавдис.

Иштта цо емалбина шаьша юьртара бертаза арадаьхнера бохуш, даржош берш.

ХаджаевгIеран доьзалх лаьцна хьахийра блогеро Абдурахманов Тумсос стохка. ХIетахь видеоролик зорбане яьккхира Тумсос, Iедалхоша махкахошца лелочу харцонех дуьйцуш. Иштта хьахийнера цо цу юкъахь ХаджаевгIар а. Беллачийн гергарчарна а, бехкечунна а юкъара конфликт дIаерзо таро ца луш, церан тайпанах мел волу боьрша стаг махках ваьккхина аьлла.

"Грозный" телеканалан эфирехь гайтинчу сюжетех комментари йитина Адбурахмановс шен Telegram-каналехь. Камерана хьалха а хIиттийна, Iедалхоша цаьрга бертаза алийтина дешнаш ду уьш аьлла, тешна ву блогер.

XS
SM
MD
LG