ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"МАШР" организацин куьйгалхочун Муцольгов Мохьмадан цIенна а, офисна а го лаьцна ницкъахоша


ГIалгIайн гоьваьллачу юкъаралхочо, "МАШР" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада шен Фейсбукерчу агIон тIехь хаамбина, Карабулакерчу шен цIийнах хьовсуш бу полисхой аьлла.

"Хетарехь, сан рагI кхаьчна Евкуровн харцо лан. Карабулакера сан цIа а, офис а гоне ерзийна ницкъахоша. Коьртаниг, цаьрга кхералур дац ГIалгIайчоьнан къам, толам тхоьгахьа хир бу. Тхайн цхьааллех а, Делан къинхетамах а тешарца, оха йоьхург нийсо а, бакъо а ю", - яздина Муцольговс.

Бакъонашларъярхочун телефон яйина ю, аьтто бац цуьнан вешица Муцольгов Русланца зIе таса а.

"Кавказ.Реалии" портале хаамбина ишта кегийрхойн организацин декъахочо Кациев Хьасана а. Цо дийцина, Муцольгов Мохьмадан цIа федералаша юкъадерзийначух тера ду. Доккхачу декъанна федералан ницкъахоша лело баьццара йоьхкург ю церан пхьаьрсех, иштта ю йоьхкина туьмIаьжгаш а аьлла цо.

Масех кIира ду ГIалгIайчохь протестан жигархошлахь лецарш, цIийнах хьийсарш дIахьон. Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь дозанаш хуьйцуш бина барт юха а баккхий, мехкан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке дарж охьадиллар тIедожийнера цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG