Нохчийчуьрчу яхархочун Тимагова Шеман латкъамехула зударшца лело дискриминаци эшорехь болх бечу CEDAW ООН-ан Комитето дахначу пIераскандийнахь зорбане даьккхина шайна хетарг.
"S.T. Оьрсийчоьнна дуьхьал" – аьлла, хIусамехь латточу Iазапах Оьрсийчохь дуьххьара гIуллакх ду и, Комитето жоьпалла пачхьалкхна тIехь дуьтуш, хаамбина "Правовая инициатива" организацино.
Зударийн бакъонаш хьешар юкъарадаккхарехь йолчу ООН-ан Конвенци Оьрсийчоьно тIехтесна, хIунда аьлча, Тимагова Шеман бакъонаш метта ца хIиттина цигахь аьлла, тIечIагIдина ООН-ан Комитето. Зудчунна дина зен билгалдоккхуш, Оьрсийчоьнна тIедожийна цунна компенсаци дIакхачор.
2010-чу шеран Iай Тимагова ехачу цIа чуьра йовхо дIахадийнера цуьнан хиллачу цIийндас. Iедалхошка шена гIо дар цо дехча, хиллачу майрчо тIелатар динера цунна, ша юьйр ю хьо бохуш, шозза коьртах диг а тоьхнера цо зудчунна.
ЦIий дIаоьхуш, иза охьайоьжначохь а йитина, цунна тIе лор а ца валош, дIавахана хиллера цIийнда.
Кхеле хIоттийра иза, "стаг вен гIортар" аьллачу артиклца, амма кхелехь прокуратурано а, адвокаташа а бехкевечун агIо лаьцнера, зудчо бага а лееш, провокаци йинера цунна бохуш.
Стаг вен гIортар аьллачу артиклехь бехказа а воккхуш, хиллачу цIийндена исс бутт хан туьйхира чохь яккха, чIогIа оьгIазвахначохь могушаллина зен дина хиллера аьлла, бехк а хьарчош. ГIуллакх толлучу юкъанна хан кхаьчна хиларна, кхелан хIусам чохь маьршаваьккхинера иза.
Тимагова Шема шолгIачу группан инвалид ю, даимна а дарбанаш лелош, лоьрийн тергонехь йисина иза.