ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахамна тIехула вешина урс тоьхна ваша кхеле хIоттийна


Меттигерчу 56 шо долчу вахархочун довхаттар дирзина Гуьмсерчу кхелехь. Талламчийн версица, Гелдаганарчу цхьана доьзалехь шина вешина юкъахь иккхинчу девнехь воккхахволчу вашас шен жимахволчунна шозза урс тоьхна хилла. Дийцарехь, къовсам хилла хIусамна тIехула.

Экспертийн жамIашца, вешина могушаллина даккхий зенаш дина хиларца, кхеле хIоттийнера воккхахволу ваша.

Талламчаша тоъал тоьшаллаш гулдина, прокуроро бехк тIечIагIбеш, куьйгъяздина долийначу бехкзуламан гIуллакхан хьокъехь.

XS
SM
MD
LG