ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша КГБ-ца уьйрашкахь хилар гучудаккхар ца тайна Жириновскийна


ЛДПР-н лидеро Жириновский Владимира Британин Москвахь арадолучу Financial Times газетан хиллачу шеф-редакторе Кловер Чарльзе кховдийна иск юхатеттина Останкинан кIоштан кхело. Кловера шен книги тIехь "тIетаьIIина дуьйцуш дара Жириновский КГБ-н агент вара бохуш" алар ца тайнера Жириновскийна.

ГIадужу-бутт бовш чуделлера цо арз. Книги тIехь ялийна информаци сий, репутаци бехъеш ю алий, и дешнаш юха а эцийтий, шена миллион сом компенсаци ялар тIедожийнера политико.

Кловера чIагIдора, Жириновскийн КГБ-ца зIенаш хиларх шегахь кхачо йоллуш тоьшаллаш ду бохуш. Ишта иза тIетоьвжира 1994-чу шарахь Iамеркехь волчу туркойн векалан пресс-конференцина а. Дипломато дийцинера хIетахь, "коммунистийн пропаганда а, шпионаж" а лелорна Туркойчуьра Жириновскийна депортаци ярх, иза "КГБ-н агент" ву а олуш.

Британин журналистан векало кхелехь билгалдаккхарца, книги тIехь къовсаме девлла дешнаш мах хадош дийцаре диллар ду.

Москвахь арадолучу The Financial Times газетан шеф-редактор лаьттира Кловер Чарльз, карарчу хенахь Китайхь газетан бюрон куьйгаллехь ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG