ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтин администраци дуьхьал ю Караулова хенал хьалха маьршаялийта


Караулова Варвара

Москварчу университетехь доьшуш хилла, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета йоьдучуьра лаьцна, набахтехь хан токхуш йолу Караулова Варвара хенал а хьалха араяккха дуьхьал хилла Вологодскан кIоштарчу набахтин администраци. ЙоьIан адвокато Бадамшин Сергейс бина и хаам. Колонин белхахойн леринчу тергонехь латтош ю Караулова адвокато дийцарехь. Кху аьхка колонин "низамаш лардо" цо аьлла, цIе яьккхира цуьнан, ткъа иза хенал а хьалха арайоккхуш кехаташ чуделлачул тIаьхьа "низамаш талхадо" цо аьлла, билгалдаьккхира аьлла Бадамшин Сергейс.

Зазадоккху-беттан 29-чохь шен йоIана гIуда тоьхнера, хан йоцчу хенахь охьайижинера аьлла, дийцина Караулова Варварин нанас. Цул хьалха белхан меттигехь нуьда дIатесна яцара аьлла, бехк а баьккхинера цуьнга.

Шинаридийнахь Вологодскан кхелехь луьстур ю Караулова хенал хьалха маьршаяккхаран гIуллакх. ТаIзар кхочушдаран урхалло (ФСИН) бохург тIех а тесна, низамашкахь, къинхетамалла а гойтуш, кхело жоп лур ду аьлла, тешна ву адвокат.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета йоьду Москвара яхархо Караулова Варвара 2015-чу шарахь Туркойчоьнан а, Шемин а дозанехь лаьцна, юхаялийнера. 2016-чу шарахь Москварчу кхело набахтехь даккха 4, 5 шо хан кхайкхийра цунна.

XS
SM
MD
LG